Ризавди Исмаилов - Сай безам M95

Скачать

Общая оценка: -1
Скачали: 4266
Длина: 03:13
Формат: mp3

Все композиции Ризавди Исмаилов
4266

Текст песни:

I. Т1аьххьара дагара дийцина
1еначу б1аьрхишца соь хьоьжуш
Лекхачу лаьмнашкахь сай безам
Битина воьду со генна д1а
Воьду со аренаш хедаеш
Ламанийн ирхенаш эшаеш
Зезаго кхелинчу бацалахь
Безамах ойланаш лехьаеш ( 2 раза )

II. Т1улгашца 1еначу шовдано,
Зурманах декачу иллешка
Лерина тидам беш ладоьг1ча
Тарло и хьан озах езар сан
Сирла де бодано кхолийна
Дог1ано ламанаш т1адийча
Вай къаьсташ дилхинчу хьан б1аьргех
Тардо ас г1ийла сурт езар сан ( 2 раза )

III. Геналло хьоьх со хьегийна
Тем боцуш къона дог деттало
Безамна детта са кхачийна
Шу юьрта юха а вог1у со
Вог1у со аренаш хедаеш
Ламанийн ирхенаш эшаеш
Зезаго кхелинчу бацалахь
Безамах ойланаш лехьаеш ( 2 раза )

Видео Ризавди Исмаилов - Сай безам (M95)

Комментарии (0)

Добавить комментарий

Код безопасности: